Гиххойн Таймасха . Яхъяев Леча

01.05.2024
Автор: leko
Комментарии: 3
Просмотров: 1767

АВТОРЕРА Иттех шо хьалха язъян йолийнера ас хIара роман. ХIетахь кIезиг хIума дара хIокху романан турпалхочух Таймасхех а, иза яьхначу заманах а лаьцна хууш. Цу тайпана хьуьнаре, сийлахь адамаш хилла нохчийн къомах схьадевлла бохург башха къобалдеш а дацара Iедалан гонашкахь, ша аьлча, идеологин гIаролехь лаьттачара.

Коьртачу декъана сайн юьртахошкара, гиххошкара, хезнарг дара соьга романан юьхь йолаяйтинарг. Цул тIаьхьа Таймасхех лаьцна цхьацца хаамаш гучубийла буьйлабелира зорбанехь а, яздархошна юкъахь а. ТIаьххьар а, Таймасхин лар лоьхуш, гуьржийн архивашка кхечира со... Нийса хир дацара, сайна мел хиънарг дерриге а ас романан гура чу лаьцна аьлча. Иштта Iалашо ас сайна хьалха хIотта а ца йинера. Нохчийн литературехь дуьххьара оцу башхачу йоьIан исбаьхьаллин сурт хIоттош, сайн корматалле а, тароне а хьаьжжина, хьалхара гIулч яккхар - и дара сан карахь къолам лелийнарг. Муха нисделла иза - цуьнан мах аш хадор бу, ешархой.

Шун кхиэле дIало ас роман. Таханлерчу дийнан гу тIера чу хьаьжча, цхьадолу хIумнаш кхечу кепара го суна. ХIинца роман язъеш елхьара, цхьайолу меттигаш юкъа а гIур яцара, керланаш тIе а кхетар яра. Цунна тIехь болу болх чекхбаьккхина лоруш а вац со. Дуккха а долчу хIуманна тIехь суна бIаьргаш схьабиллира хIокху книгин редактора. Цунна баркалла ала а луур дара суна. Дош дерзош, цхьа цехар хир дара сан шуьга, ешархой. Язде сан цIарах романах лаьцна шайна хетарг. Шун хьехарша, магораша, хаамаша гIо дийр цу суна романан тIеюьзна, шорйина шолгIа издани кечъеш... 


[ Скачать с сервераr (1.39 Mb) ]

Комментарии

Админ,Дела реза хилда хьуна.Хьо оьзда а,вай къома бала болш цахилча,са ц1арх и хаза дешнаш цаязйичи валара хьо,хьуна билла бехк бацара-Дала сий дойла хьа.Ларамца Нурид
12.03.2010   |   Ђвтор: Нурид Кахиев
Дела реза хуьлда хьуна авторах дика дешнаш аларна. Бокъалла а бу иза ч1ог1а вайн къоман оьшуш болх. Дика дещнаш аьлча , терго йича ... дог дог1у цера вайн къоман дуьхьа кхи д1а а къахьега. Ларамца х1окху сайтан Админ.
26.02.2010   |   Ђвтор: leko
Лечи,ассаламу 1алайкум! Дела реза хилда хьуна,Дала юьхьк1ам бойла хьуна,Дала 1алаша войла хьо!Боккха болх бу ахьа бинарг,1аламат ч1ог1а оьшуш болх бу.Вай къома,мелла лели а,лело оьзда,хаза,ц1ена г1илкхаш ду,мелла бици а,бица оьзда,ц1ена,к1орга мотт бу,ахьа и гаа гойта хьай белхашца.Дала сий дойла хьа.Вай къома а,мехка а сий деш,шегара г1ониг даларх ларлуш,вай къомах дог лозуш мелла волчи а дойла Дала сий.Дала т1аьхье беркате йойла вай! Боккхачу ларамца,хьуна вевзаш волу Нурид!
26.02.2010   |   Ђвтор: Нурид Кахиев
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вхід ]